Институционализм

Институционализм, я институционалан экономика (инг. 22 institutional economics) — экономикин теорин социалан институтийн, масала, пачхьалкх ан, бакъон, моралан, гIиллакхийн экономикин барт а, эволюцин процессан роль а тӀеиэцаран Ӏаткъам Ӏамош йолу ишкол ю. Институционалан экономикин да лору Торстейн Веблен. Ша термин «институционалан экономика» юкъадаьккхина 1919 шарахь Хамильтон Уолтона шен статьях, American Economic Review зорбатоьхна йолчу[1].

XX бӀешераш чекхдовлуш хӀотта йолаелира керла институционалан экономика — неоклассикан экономикин теорин дакъа, гӀиллакхан институционалан экономикица ладаме методологин башхаллаш йолу[2].

Институционалан некъ

Институционализман кхетамна юкъайогӀу шиъ аспект: «институцеш» — барамаш, юкъараллин гӀиллакх лелар, «институташ» — барамаш а, гӀиллакхаш а закон, кхолламаш, урхаллаш дина чӀагӀдина.

Институционалан некъан маьӀна ду, экономикин категорийн анализ а, процесс а цӀенчу кепара йина ца Ӏаш, анализа юкъаяло еза институташ, экономикин юкъара йоцу факторш лоруш.

Институционализман а, кхечу экономикин ишколашна а юкъара башхаллаш

  • Неоклассикан ишколан категори (мах, са, хьашт) терго ца еш яц, хьоьжу цуьнан хьаштийн а, юкъаметтигийн а алсамо юьзанчу спектран чоьтаца.
  • Социалан агӀо дӀа а тетина, экономика «цӀенчу кепара» толлуш болчу маржиналистех къаьстина, институционалисташ, бӀостанехьа, экономика толлу еккъа социалан системан дакъа санна.
  • Классикан политикин экономи агӀора хьаьжчи, экономика го Ӏилманан, оьздангаллин, политикин бух я «базис» санна, институционализмо лору и кхетамаш цхьа терра бакъо йолуш, вовшенца уьр йолуш.
  • Оптимизацин принцип керстдар. Бахамаллин субъекташ маьӀна долуш ю Ӏалашонан функцин максимизатораш (я минимизатораш) санна, цунна тӀехьадозу леларан низамо делладолу тайп-тайпана «марздаларш» а, социалан барамаш а.
  • Юкъараллин хьаштийн хьалхе ю. Ша ша къаьстина эцна субъекташ хаъал барам экономикин хьал билгалдоккху. Церан Ӏалашо а, озабезам а юкъаралло кхуллу. Маржинализмехь а, классикан политэкономехь а лоруш ма хиллара, хьалха кхоллало индивидан хьашташ, таккха уьш хуьлу социуман хьашташ кхуллурш.
  • Экономикехьа керстадаран некъ (механикин) нийсаллин системе санна, экономикин маьӀна дар эволюцияран системе санна, процессаша лелош йолу, кумулятиван амал. Баккхийра институционалисташ Т. Веблена кховдийначу «кумулятиван бахьаналлин» принципца багӀара. Цуьнца экономика кхиар гойтуш йолчу бахьаналлин тайп-тайпана экономикин феноменийн вовшен уьйранаш чӀагӀйора. Маржинализма гойту экономикин статикан а, динамикан а хьал, ткъа классикаш гойту муьлхха а экономикин некъ ма-барра.
  • Пачхьалкх базаран экономикин юкъагӀертаран юкъаметтиг дика хетар.
  • «Рационалан адам» керстадар, къаьсттина пайден хиларца куьйгалла дар. Институционалисташна моттарехь, индивидан гӀуллакхаш ган а лур дац, таро йоцун дела адаман леларан Ӏаткъаман ша йолу факторш (экономикин а, экономикин йоцу а) лара. Билгалдаккха оьшу, билггал муьлха факторш лаьтта хьаштийн бух тӀехь. Мах боцуш, иза хила тарло мехе хьежар, фирма кхерамах ларъян гӀертар. Экономикин хьолан Ӏаткъам бина ца Ӏа мехаш; цаьрца цхьаьна лела, терго ян езаш йолу факторш — инфляци, болх ца хилар, къоьлла, политикин чӀогӀалла, кхин дӀа а.
  • Мехаш иштта хийцалуш дац, классикийн белхашкахь ма диццара. Харжаш, хьашт, конъюнктура чӀогӀа лелаш ю, ткъа мехаш консервативан ду. Базарахь хуьлуш болчу хийцамашка хьаьжна ца Ӏаш — мехаш сих-сиха хийцало.
  • Институционалисташна ма-гарра экономикин Ӏилманан Ӏалашо хиндерг дийцар а, уьйранийн системех кхетар а яц, рекомендации ялар, политикехь а, леларехь а, юкъараллин са кхетарехь а, рецептийн бух бийца, политикехь, леларехь бан беза хийцамаш бар ду.

Институционализман методологи

Институционалистийн белхашкахь хаалуръяц чолхе формулаш, графикаш. Церан аргументаш бух болуш ю зеделларг а, статистика а тӀехь. Юьхьарлаьцна мехийн, хьаштийн, кховдоран анализ яц, ткъа алсама шуьйра планан баланаш бу. Церан сагатдийраш деккъа экономикин баланаш дац, ткъа социалан, политикин, этикан экономикаца уьйр йолу баланаш а, бакъонийн баланаш а ду. Шеш лаьтта ладаме а, актуалан а Ӏалашо ярехьа терго тӀеерзийна, институционалисташ юкъара методологи цаяьккхина, цайина цхьан а юкъара Ӏилманан ишкол. Цуьнца ледарло гайтира институционалан некъо, шен логикан нийса кийча теори цахилар я иза кечйина, юьхьар лаьцна дӀаяхьа а.

ГӀарабевлла векалш

  • Институционалан экономисташ (категори)

Хьаьжа иштта

  • Керла институционалан экономика
  • Политикин экономи
  • Конституцин экономика

Билгалдахарш

  1. Walton H. Hamilton (1919). «The Institutional Approach to Economic Theory», American Economic Review, 9(1), Supplement, p. 309—318. Reprinted in R. Albelda, C. Gunn, and W. Waller (1987), Alternatives to Economic Orthodoxy: A Reader in Political Economy, pp. 204- 212.
  2. Нуреев Р. М. Институционализм: вчера, сегодня, завтра

Литература

  • Блюмин И. Г. Институционализм // Критика буржуазной политической экономии: В 3 томах. — М.: Изд-во АН СССР, 1962. — Т. II. Критика современной английской и американской политической экономии. — С. 336—352. — 519 с. — 3 200 экз.
  • Синютин М. В. Институциональный подход в экономической социологии. СПБ., 2002. — 313 с.
  • Институционализм // Экономический словарь.

Хьажоргаш

  • Нуреев Р. М. Очерки по истории институционализма
  • Розмаинский И. В. Институционализм
  • Сэмюэлс У. Дж. Институциональная экономическая теория Архивйина 2015-05-28 — Wayback Machine
  • Боулз С. Микроэкономика. Поведение, институты и эволюция